Сан даг чохь боккхачех лазам бу дебаш -
Дахаран вайн къилба бух тIера далар.
ЦIена ю поэтан ойланаш. Цуьнга ца лало «оьзда вайн гIиллакхаш хьоьшуш». Иза сатесна ву «дин доцуш лелаш верг нисван». Цо нохчо ца лору «коьмаьрша, догцIена воцург», «шен дагна, дегIана там лоьхург», «нахаца шалхонца вехарг», иштта «шен къоман гIаролехь воцург», «Даймехкан бала ца боькъург», «Дала тIедиллина декхар дIатеснарг».
Поэт даггара тешна ву:
Далла лиъна хьукма ва хиллехь,
Тоьлур бу вайн Къонахийн и бIо!
И цхьа некъ бу тIаьхье нисъярехь.
Кавказ-Даймохк, маьрша ер ю хьо!
Вайн тIекхуьуьш йолу къона «тIаьхье нисъярехь» Ислам-динехь а, иманехь а, вайн дай баьхна бусалба латта - «Кавказ-Даймохк маьрша баккхарехь» копар-керстанех а, мунепикъ-нахах а - оцу тIехь къахьоьгуш бу тахана АллахIан тIемалой-муджахIидаш, вуьшта аьлча: «Къонахийн бIо», «Исламанхой, Маршонан бIо». Уьш бу бакъ болу «вайн Турпалхой», «Делан Дош дIахIоттош тоьлларш бу» уьш, хIунда аьлча церан
Дай лаьттина Динан гIаролехь,
Дахар дина дерриг ГIазотехь.
Цундела «къеначу», амма дог къоначу вевзаш воцчу поэта аьллачунна тIе а тайна, вай массара а доьху массо хIуманан Да волучуьнга:
АллахI, лохьа Ахь доIина жоп -
Хьан ШариIат къуьйсуш волчунна,
Хьан нийсоне сатуьйсучунна,
Къинхетаме дог дохучунна!
Амин!
* * * * * *
Нохчо вац!
1
Мила ву соьх кхетарг я кхета гIертарг?
ЦIеначу ойланца соьца дог доькъург?
Оьзда вайн гIиллакхаш хьоьшуш ца лалург?
Дин доцуш лелаш верг нисван сатуьссург?
2
Нохчо вац шен дагна, дегIана там лоьхург!
Нохчо вац Даймехкан бала ца боькъург!
Нохчо вац шен къоман гIаролехь воцург!
Нохчо вац коьмаьрша, догцIена воцург!
3
Нохчо вац шен халкъан нах а ца лорург!
Нохчо вац нахаца шалхонца вехарг!
Иштта гIо оьшучохь цунна букъ тухург!
Нохчо вац са кIезгалла шеца мел ерг!
4
Нохчо вац шен зуда, доьзал дIахецнарг!
Дала тIедиллина декхар дIатеснарг!
Нохчо вац, ша-шена реза а хила,
Сонтачу ойланца нахах ца вешарг!
5
Сан даг чохь боккхачех лазам бу дебаш -
Дахаран вайн къилба бух тIера далар.
И лазам болучийн кхеташо яцар.
Iалашо, дарба вай лоьхуш ца хилар.
6
ВархI эзар пхи бIе шо гулйина Хазна,
Вала да воцуш, ша Iинах ю йоьдуш.
Нохчаллин и оьзда сибат довш лаьтта,
Само ян, ойла ян кхетам вайн боцуш.
Воккхастаг. 30.07.2005 шо
* * * * * *
«Лааман доIа»
«Хахка езар сийна «Волга» хьо».
Велла Iилла къута Путин хьо!
Цуьнан когех ирх а оьллина,
Кхаза везар къутин Луьлла хьо!
Далла лиъна хьукма ва хиллехь,
Тоьлур бу вайн Къонахийн и бIо!
И цхьа некъ бу тIаьхье нисъярехь.
Кавказ-Даймохк, маьрша ер ю хьо!
Шера арахь и той хIоттийна,
Даздан дезар маьрша дезде хьо!
Къасто безар, говраш хаьхкина,
Тоьлла ша берг, гора Дин-яI хьо!
Доккхур дара тIаккха сагIа вай.
Оьцур дара гIийлачуьнан дог.
Кхойкхур бара вайн Исламанхой,
Маршонан бIо, и вайн Турпалхой!
Къасто безар Мехкан Корта хьо.
Делан Дош дIахIоттош тоьлларш бу!
Вай сатуьссучуьнан ирс дар хьо.
БIешерийн текхийна дукъ хьо ду.
Иштта, тIаккха къастор вара хьо
Тоьлла дик-кIант, хIай МуджахIид хьо!
Вежрийн доьзалш ойъуш декхаро,
Дегнийн чевнаш йийшош дахаро.
Вай тешаш ду Делах, Элчанах!
Вай тешаш ду тоьлларш вай хиларх
Кху дуьненахь, кхана эхартахь,
КIентий лаьтташ Делан ГIазотехь!
Дай лаьттина Динан гIаролехь,
Дахар дина дерриг ГIазотехь.
ТIаьхье нисъе вай Ислам-динехь,
Вайн Элчанан дезчу Суннатехь!
ТIаккха довла меттиг хир ю вайн
Кхана долчу жоьпан цу Дийнахь.
Элчан сийлахь байракх бухахь вай,
Инша АллахI, Дала гулдеш вай!
АллахI, лохьа Ахь доIина жоп -
Хьан ШариIат къуьйсуш волчунна,
Хьан нийсоне сатуьйсучунна,
Къинхетаме дог дохучунна!
АллахIу Акбар, Воккханиг Хьо ву!
СубхьаналлахI, ЦIенаниг Хьо ву!
АлхьамдулиллахI, Хастам берг Хьо ву!
Кху тхан белхан Да вериг Хьо ву!
Массо хIуман Да вериг ву Хьо!
Массо хIума Хууш верг ву Хьо!
Массо хIуман Хьалхе ерг ву Хьо!
Массо хIуман ТIаьхье ерг ву Хьо!
Эхартанан Да вериг ву Хьо!
Толам-эшам Луш вериг ву Хьо!
Хьайн къинхетам Шортта берг ву Хьо!
Тхан ниййаташ Доьшуш верг ву Хьо!
Дегнаш керчош, Нисдеш верг ву Хьо!
Харцо йохош, Iазап Да ву Хьо!
Массо хIуман Ницкъ кхочуш ву Хьо!
Тхан доIина Жоп луш верг ву Хьо!
Воккхастаг. 10.04.2009 шо
«Нохчийн Зама»