Къонах Темирханов Юсуп. Ямартхо Кадыров (чеч. яз.)

Къонах Темирханов Юсуп

Майра дегнаш дегадеш, лаьмни бахьаш бегабеш 

КЪона кортош айа деш, вай халкъана синтембеш,

Жимчу йо1а сий лардеш, вожи мостаг1 сисазвеш

Ишта к1ентий сий лардеш, олу халкъо къонахаш

Вай озаллин кхолларяхь, вай дахарин йохалляхь

Исбаьхьаллин хазалляхь, къонах веха дегнаш чохь

Харцоно 1овжина, г1айг1ано  йожина,

Мостаг1чо йагина, балано кхолина,

Мела ц1и 1анина, Нохчийчоь лазина,

Г1айг1ане махила, кхолам д1абаккха

Бухьуна къонахи ерзо хьа чоьвнаш

Барзакъин юх йихкина, майра к1ант г1аттина

Иччархо ва хилла, анайист тиллина

Пана махка ва кхаьчна, мостаг1чун т1екхаьчна

Ч1ир йекъна мостаг1на, вайн бала лайбина

Чаг1аро бахина, мостаг1чун ордангахь

Чаг1алкхин аьзнашца, мостаг1и боьлха

Вица шай дайбоцуш, вижа шай кашдоцуш

Лай хилла ваьхнариг, лай хилла вожина

Ала шай дош доцуш, гайта шен некъ боцуш

ХЬан сий т1екхоьвдина, ямартхой тоба

ХЬан ц1арца хоьттина, шей сий хьал айда

Валарца,  сийсазбеш юхь 1аьржа хитти ахь

КЪонахчун сий айда цаоьшу ахча

Сий доцчун сий айда тоьардац бохча

Доьхначу халкъана, маршона г1аьттинарг

Мохк ларбеш кхелхинарг  силахь ву тахна

Даиман дехарду маршонан дегнаш

Хастам бу, маршонан коьллина синошна

Лекхарчу б1ов т1ира мохь тохе ала,

Харц эшо, ниса некъ вай дайша 1амина

Маршонан г1ап ларян, ондаллин зайла

Бухьуна къонахи Юсуп хьосанна

Дай г1иллакхаш айа деш, Вай халкъана синтембеш,

Жимчу йо1а сий лардеш, вожи мостаг1 сизазвеш

Ишта к1ентий сий лардеш, олу халкъо къонахаш

Вай озалли кхолларяхь, вай дахарин йохалляхь

Исбаьхьаллин хазалляхь, къонах веха дегнаш чохь

***

Ямартхо Кадыров

Мисканиш хьизабеш, йахьйолниг сисазвеш

Маршона г1аьттинарг, ямартца 1ехавеш

Бица ше дай боцуш, вижа ше кашдоцуш

Дуьненахь сий доцуш, эхартахь ял йоцуш

Бухьуна ямартхойн сисаза некъ

Дас битна некъа, лар лаьцна к1анта

Мостаг1чун хьалхара, шен къоман т1елетна

Да винарг, Да аьлла и сийлахь вина

Дай латта доьхкинарг сисаз ву тахана

Нахарчо 1ехина, даьхнино тилина

1ожалла йицйина, дуьнено д1аляцна

Мостаг1и толабар, шай байракх йина

Нохчийчун сий дожор, шай 1адат дина

Дуьненахь сий доцуш, эхартахь ял йоцуш

Бухьуна ямартхойн сисаза некъ

Мел лекхарх иллешкахь, мел декъарх тептаршкахь

Мел ц1изаш мохь беттарх, мел къонах ваг1ертарх

Мел хетарх ша лакхар, вухьуна и лахар

Ахчанах ц1уй бина, мостаг1ех эла вина

Нисаверг харц вина, динца верг бехвина

Г1иланиг лазина, баланца д1аляцна

Лазамах там хилла, баланах кхаъ хилла

Аьхь доцуш, яхь йоцуш, бухьуна ямартхой сисаза некъ

Дай чарташ дохина, Килсанаш тойина

Турпалхойн урамяхь тезеташ хиттина,

Вайн ширчу некъашна, мостаг1ин ц1ерш тоьхна

Ша дуьцург дош доцуш, ша дуьцург стаг воцуш

Ша вица нах боцуш, даймахкахь сий доцуш

Мостаг1и лай хилла, йамартхой дай хила

Кош 1азап ч1ог1а долш, жоьжаг1ате къорге йолш

Бухьуна ямартхой  т1аьхьенна  некъ

Х1ора а хьожила б1аьрг тоьхна юха

Т1аьхьонна ша битна цу некъа лар

---

А.С
Читатель КЦ


© Kavkazcenter.com 2020